региональни этнографин диктант.

28.02.2019

Тахана тхан ишколехь хилира вайн халкъан г1араваьллачу поэтан, яздархочун Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллах а лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» цIе йолу региональни этнографин диктант.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а Министерствос д1абаьхьначу балхахь жигара дакъалаьцна хьехархоша, дешархоша, церан дай-наноша.Массарна довза, хаа деза халкъан яздархойн, поэтийн кхолламан некъаш, церан литературин белхаш.Ч1ог1а оьшуш х1ума ду вайн школашкахь иштта 1илманан, культурин аг1ор долу беркате г1уллакх леладар, дешархошна иза довзийтар, 1амор. Къаьсттина пайдехь ду иза т1екхуьучу чкъурана, х1унда аьлча, вайн сирла кхане – цаьргахь ю.Дела реза хуьлда ала луур дара, шайн хаарш гайтарехь, диктанте баьхкинчу берриге а кегийчу а, баккхийчу а нахана. Иштта даггара баркалла ненан матте болу лерам гойтуш, шайн цуьнца йолу шовкъ-марзо гучуйоккхуш, этнографин диктант д1ахьош, цунна кечам беш, ц1еначу ойланца, дикачу 1алашонца къахьегначу вайн хьехархошна!ДАЛА СИЙ ДОЙЛА ШУН! ДАЛА ТIАЬХЬЕ БЕРКАТЕ ЙОЙЛА!