"Кегийрхойн юкъаметтиг"
27.10.2017Тахана ишколан 9-чу классийн дешархошца кхетош-кхиоран хьехархочо Бексултанан Мовладис д1адаьхьира "Кегийрхойн юкъаметтиг" ц1е йолу цхьаьнакхетар.
Цо дийцаре дира адамийн дахаран лаккхарчу т1ег1ан т1ехь долу ирсан некъаш: г1иллакх а, оьздангалла а, нийсо а, марзо а, къинхетам а, собар а. Таханлерчу кегийрхойн гуттар а лазаме йолу аг1онаш а хьахийра Мовладис шен дийцарехь. Церан зулам а, харцо а, уьш нийса т1еэцаран некъаш а довзийтира цо дешархошна!