Этнографический диктант

21.02.2023
Чиллин беттан 21-чу дийнахь Шелковскерчу №1 йолчу йуккъерчу ишколан дешархоша а, хьехархоша а дакъалецира «Беза, бовза ненан мотт» цIе йолчу Региональни этнографин диктантехь. Диктант йазйар вайн махкахь дIакхайкхийначу нохчийн меттан шо даздарх а, дуьненна йукъара ненан меттан Де даздарх а доьзна дара.