С днем Чеченской женщины
15.09.2019НОХЧИЙН ЗУДАРИЙН ДЕНЦА ШЕЛКОВСКЕРЧУ ХЬАЛХАРА ЮККЬЕРЧУ ИШКОЛАН ДИРЕКТОРАН ДЕКЪАЛДАР🌸
"Хьоме йижарий, наной, белхан накъостий! Ас даггара декъалдо шу нохчийн зударийн денца! Тахана вайн сийлахь доккха де ду! Нохчийн къоман уггаре а халчу муьрехь, шайн яхь а, сий а лардеш, дайшца цхьатерра къахьоьгуш схьабаьхкина вайн наной! Массо а хенахь исбаьхьчу дашца хастийна нохчийн йо1 кхидолчу къаьмнаша, цуьнан хаза г1иллакх, доккха собар дуьйцуш! Ткъа мехкарийн сий лардеш хийла къонахий, шайн синош ца кхоош, лийтина мостаг1чух! Сий-ларам лаккхарчу т1ег1ан т1ехь хилла нохчийн зудчун даимна! Х1усамехь кхерч ларбеш, доьзална и ц1енна а чу са диллина хилла иза! Даггара баркалла, вайн сий ойбуш, х1ара де билгалдаккхарна вайн къоман куьйгалхочунна! Дела реза хуьлда цунна!Дала декъалдойла шу! Дала ирсе дойла шун дахар, х1ора дог1у де сирла, кхаъ бохьуш хуьлуш!" 💐💐💐💐💐💐💐💐💐ЛАРАМЦА, ЛЕКИН ЗАЙНА!